Нохчийн меттан денца доьзна

Нохчийн Республикин Парламентан
Председателан, Россин Турпалхочун Даудов
Хож-Ахьмадан Мохьмадан декъалдар

Лараме Ахьмад-Хьаьжин Рамзан!
Хьомсара махкахой!

Нохчийн Республикин Парламентан депутатийн а, сайн а цIарах ас даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца! Вайна массарна а уггаре а мехалчех цхьа дезде ду хIара. ХIунда аьлча, вайна беза вайн ненан мотт, цунах дозалла а до вай.

Нохчийн халкъан башхаллин дIакъасталур доцу дакъа ду ненан мотт, вайн бIешерийн Iадаташ а, гIиллакхаш а, ламасташ а, хьал долу истори а, культура а санна.

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо олура: «Мотт ца хилча, къам а ца хуьлу». Регионан куьйгалло оьшуш мел дерг до ненан мотт Iалашбарехьа а, кхиорехьа а.

Нохчийн Республикин Парламенто 2007-чу шарахь тIеийцира «Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь» долу закон. Цуьнан Iалашо ю къоман уггаре а мехала билгало а, Нохчийн Республикин халкъан ерриге а культурин бух а болу нохчийн мотт Iалашбарна а, кхиорна а гIайгIабар. Оццу шарахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан Указаца юкъадаьккхира Нохчийн меттан де.

Тахана республикехь нохчийн маттахь передачаш йо телевиденехь а, радиохь а. Зорбатухуш ду газеташ, журналаш, арахоьцуш ю книгаш. Вай дозалла дан деза вайн ненан маттахь паргIат къамелаш дан, ненан мотт кхио маршо хиларх.

Ас шу дерриге а даггара декъалдо Нохчийн меттан денца! Лаьа шу дерриге а ирсе дехийла, шун массо а хIуманна тIехь аьтто хуьлийла, дахар беркате, зовкхе хуьлийла!

Ларамца,
Нохчийн Республикин Парламентан Председатель
Даудов Мохьмад

Контакты

Парламент Чеченской Республики
364014, Чеченская Республика,
г. Грозный, ул. Восточная, д. 48
Тел./Факс: (8712) 22 42 30
 

Полезные ссылки

  • Верховный суд ЧР
  • Высший арбитражный суд ЧР
  • Уполномоченный по правам человека в ЧР
  • Избирательная комиссия ЧР
  • Прокуратура ЧР
Яндекс.Метрика