Нохчийн Республикин Парламентан Председателан Даудов Мохьмадан Нохчийн меттан денца доьзна декъалдар 

Ассаламу Iалайкум хьоме махкахой!

Депутатийн корпусан а, сайн а цIарах Нохчийн меттан денца аса даггара декъалво Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан а, республикин берриге бахархой а!

Нохчийн меттан дийнан хьокъехь долчу Указана Нохчийн Республикин Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана куьг яздира 2007-чу шеран хIутосу (май) беттан 11-чу дийнахь. Цул тIаьхьа дIадевллачу шерашкахь Нохчийн меттан де дерриге а халкъан дезде хилла дIахIоьттина. Иштта хила а ма догIура иза. ХIунда аьлча, къоман са ма ду нохчийн мотт!

Нохчийн мотт дика хууш а, халкъан дахарехь цо лелочу маьIнех кIорггера кхеташ а вара Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Iабдул-Хьамидан Ахьмад-Хьаьжа (ДАЛА гIазот къобалдойла цуьнан). Цундела иза ларбаре, кхиоре, къоначарна марзбаре кхойкхура цо.

Баккхийчарна дика дагайогIу оьрсийн мотт айбина, нохчийн мотт охьатаIийна хилла Советийн зама. ХIетахь юкъараллин меттигашкахь, транспорта чохь, кхечанхьа а доьхкуш дара нохчаша вовшашка нохчийн маттахь къамел дар. Нохчийн мотт юьстахтеттина латторан политика Iедало дIаяхьар бахьана долуш, ах сов нохчий шайн ненан мотт хууш бацара. Тахана кхин хьал ду. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан дIадолорца кхиамца кхочушъеш ю нохчийн меттан гIолацаран а, иза кхиоран а программаш. Нохчийн мотт ларбаран а, марзбаран а Iалашонца хIора шарахь республикехь дIахьо дуккха а конкурсаш, фестивалаш, конференцеш.

Нохчийн мотт вайн халкъан культурин бух хилла лаьтта. Иза бийцар, бийца хаар вайх хIора а нохчийн къомах хиларан билгало ю. Мел яккхий халонаш тIехIиттарх цунах хер ца луш схьабаьхкина вайн дай. Уьш кхеташ хилла Дала вайна белла нохчийн мотт ларбар а, кхиор а, тIаьхьенашна марзбар а шайн сийлахь декхар хиларх. Делахь-хIета, хIинца вайн декхар а ду ненан мотт Iалашбар а, кхиор а, тIаьхьене, ларбан весет деш, дIакховдор а.

Лараме махкахой! Даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца! Дала ирс, аьтто а хуьлуш, дуккха а шерашкахь могаш-маьрша дахадойла шу!

Ларамца,

Нохчийн Республикин Парламентан Председатель
Даудов Мохьмад

Контакты

Парламент Чеченской Республики
364014, Чеченская Республика,
г. Грозный, ул. Восточная, д. 48
Тел./Факс: (8712) 22 42 30
 

Яндекс.Метрика