Нохчийн Республикин Парламентан Председателан Даудов Мохьмадан Нохчийн меттан денца доьзна декъалдар 

Хьоме махкахой!

Тахана вай билгалдоккху уггаре а коьрта долчу дезачу денойх цхьаъ – Нохчийн меттан де! Кху сирлачу, ц1еначу, Нохчийн меттан денца суна уггар а хьалха декъалван лаьа Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо КАДЫРОВ АХЬМАДАН РАМЗАН а, иштта вайн дерриг къам а! Нохчийн Республикин куьйгалхочо, Россин турпалхочо нохчийн мотт Iалашбарна а, кхиорна а тIехь къаьсттина тидам латтабо. Ненан мотт вайн къоман культурин коьртачу мехаллех цхьа дакъа хиларх ша кхеташ хиларе терра, иза баржорна лерина эвсара гIуллакхаш дойту КАДЫРОВ РАМЗАНА. Гуттар а цуьнгара гIо-накъосталла хилар бахьана долуш, нохчийн маттахь арадуьйлу газеташ, тептарш, книгаш, телеэфирашкахь передачаш а. Иштта, ненан маттахь Iилманан белхаш а бо. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо КАДЫРОВ АХЬМАД-ХЬАЬЖАС (ДАЛА гIазот къобалдойла цуьнан) хIоразза а билгалдоккхуш дара нохчийн маттахь долу хаарш карладохуш а, кхиош а вай хила дезаш хилар. Иза тешна вара нохчийн матте болу безам берана жималлехь дуьйна чубилла безаш хиларх. Хьоме доттагIий! Мотт – иза вайна дайшкара схьакхаьчначу историх а, тIаьхьалонах а дIахада йиш йоцуш долу вайн дахаран коьрта дакъа ду. Вай декхарийлахь ду иза ларбан а, цуьнан сий дан а, цуьнца доьзна долу хаарш кхиош къахьега а. ХIокху дезачу дийнахь лаьа вайх хIора а, ненан матте даггара безам а болуш, могаш-маьрша а, ирсе а вехийла! Ас даггара декъал во массо а нохчий Нохчийн меттан денца!
Ларамца,

Нохчийн Республикин Парламентан Председатель
Даудов Мохьмад

Контакты

Парламент Чеченской Республики
364014, Чеченская Республика,
г. Грозный, ул. Восточная, д. 48
Тел./Факс: (8712) 22 42 30
 

Яндекс.Метрика




Описание